Ийманехь бераш кхиор
8.35K subscribers
534 photos
197 videos
12 files
572 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
Шун берийн хьекъалш а, кхетам а ларбарехь шуна г1о...

Кху чохь, Дала мукъ лахь, берашна а, дайшна-наношна а, шайн чохь бераш долчарна а, кхечарна а пайде дерг хир ду.
https://t.me/berashna_lerina
______
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ШАЙН ДАЙ-НАНОЙ ДОIАНАШКАХЬ БИЦ МА БЕЛАШ!

ХIай бераш, шайн дайна-наношна доIанаш дан диц ма лолаш, дагахь латта делаш шайн Элчанан (соллаллохIу IалайхIи васаллама) къамел: "Боккъала стеган Ялсаман чохь дарж (меттиг) лакха доккхур ду-кх, тIаккха цо эра ду (цец а ваьлла): ХIара (дика бекхам) суна мичар бу-те? ТIаккха цуьнга эра ду: Хьан доьзалхочо хьуна гечдар дехар бахьан долуш бу хьуна хIара дика бекхам.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доьзал – иза шина агIор долу жоьпалла ду: ден-ненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дIадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дIадоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а хIума а дац кIезиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гIуллакхе.

Нохчийн гlиллакх - оьздангалла / Муса Ахмадов
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доьзалехь эвхьазло яржор

Сийлахь-Везачу АллахIа муъма нахе доккха аманат шайна тIеэца аьлла омра дина:

«ХIай, Делах тешнарш! Шаьш а, шайн доьзалш а цIарах ларбе, шен ягориг нах а, тIулгаш а хин долучу. Царна тIехула буьрса а, нуьцкъала а малекаш ду. АллахIа диначу омрина тIера ца довлу уьш, шайга омра мел динарг кхочуш а до цара» («ат-Тахьрим»: 6).

Ткъа оцу аманатана ямарт хилла уьш, шайга лардан деллачу аманатана тешнабехке хилла уьш. Цундела къематдийнахь церан хьал а хир ду Ша Бакъволучу, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-дийццара.

Цхьаболучара эвхьазло, хьарамло, бохам шаьш беана шайн хIусамашка. Цхьаберш шаьш бу шайн бераш а, шайн зударий а талхарехь бахьана хилла дIахIиттинарш, шайн доьзалш а, шайн хIусамнаной а ялсаманех бохуш бахьана хилларш. Цундела Сийлахьчу АллахIа сацам бина: оцу бохаман бахьана хилла волу иза ялсаманех воккхуш, цо шен доьзал а, зударий а ма-баххара оцу ялсаманех. ХIунда аьлча бекхам - диначуьнга хьаьжжина бу.

Оцу дерригенан бахьана - вай дехачу хIокху вайн заманчохь дай хилар ду – АллахIа шайх къинхетам бина боцурш: шайн коьртачу гIуллакхера, уггарех ладамечу декхарера берриге а цхьаьна балхара дIа а бевлла. АллахIа царна тIедиллина коьрта а, ладаме а гIуллакх – оьзда доьзал кхиор дара, гIиллакхе бераш кхиор дара, бусалба хIусам кхоллар дара, АллахIан Жайнера а, элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатера а цIеначу хьостехула.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шун берийн хьекъалш а, кхетам а ларбарехь шуна г1о...

Кху чохь, Дала мукъ лахь, берашна а, дайшна-наношна а, шайн чохь бераш долчарна а, кхечарна а пайде дерг хир ду.
https://t.me/berashna_lerina
______
Вайна каналан репост е🌿
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Фат1има (Фатхьи х1усам нана):

"Нанас йо1 муха кхио еза, х1у кхетам бала беза цуо?"
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM