Ийманехь бераш кхиор
8.05K subscribers
542 photos
139 videos
13 files
579 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нене хаьттина: «Хьайн берех дукха муьлхург деза хьуна?» — аьлла. Нанас жоп делла: «Царах цомгушниг, цунна гIоли хиллалца. Царах генахь дерг, иза цIа дерззалца. Царах жиманиг, иза доккха хиллалца. Уьш деригге а, со яллалца».
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ламазан дарсаш иштта суннатехь деан долу до1анаш а.

Шаьш пайда эца, кхечарга а эцийта...
https://t.me/lamazandarsash
Бера-ахьа кхиа ма-дарра, зуда цlaхь кхиа ма-ярра.

Бераш талхар - дайша уьш тесна дитар

Шен берана пайдехь дерг Iамор тIаламбоцуш дитиначо а, иза тесна дитиначо а — кхин дойла йоцуш, доккха зулам дина. Дукхах долчу берийн талхар а, церан хьокъехь ледарло яр а, динан парзаш а, суннаташ а Iамонза дисар а — дайн бехкенна ду. Кегийра доллуш хIаллакдина цара уьш. Цундела жималлехь шайна а ца хилла уьш пайдехь я баккхийра хилча шайн дайшна а ца хилла уьш пайдехь.
https://t.me/berashna_lerina
​​Хьо вáхалахь, хьан доьзалша - нийсонна, бакъонна - ойла йича, царна хьо дагавогlур волчу кепара ...
https://t.me/berashna_lerina
Хьага а хьаьгга ду-кх бераш кху динах. Ахь муьлхха а пайде хlума дуьйцучу хенахь, церан хье тlе болучу шина бlаьргаца гуш хуьлу и.

Амма и пайда баларан метта, цуьнан эхартана саготта хиларан метта, кера телефон лой, ловза олий, охьахаадо и бер.
https://t.me/berashna_lerina
Берашка шайн чуьра къайленаш йийцитар.

Шайх Мухьаммад аль-Мунажжид

____


АллахIан хастам бу-кх.

Бусулба нехан къайленаш ларор парз ду. Царна сийдар, ларам бар а парз ду.

Кегий берашка, шайн чура дас-нанас лелош дерг хеттар а, шайн декъан тIехь цара лелош дерг дийцитар а, хьарам ду хьуна, мегш дац хьуна иза лело.
Элчано (саллаЛлахIу IалайхIи ва саллама) аьлла: "Къайлах, нахана дезар доцчуьнга ладугIуш хилчунна къемат дийнахь лерган чу лаладина даш дуттур ду." Бухарис дийцина и хьадис.

Имам СанIа'нийс аьлла: Эца хьадисан юкъа вогIу хьуна: Кегий берашкара, шай чура къайленаш а, шайн декъан тIехь лелош дерг а, (хоьттуш) юьйцуьйтуш берш.
https://t.me/berashna_lerina
Шайх Мухьаммад Хьассана дийцир-кх тхуна цхьанна дарсехь:

Бера додий стоьлах дӀакхета, тӀаккха дас-нанас бера доьлхучера те до ша олий стоьлах хӀума ятта, ткъа бера хьала кхуьу шегар кхечу хӀуманна тӀехь гӀалат даьлча а, бехке кхиниг хеташ даиман, цундела, шен гӀалатло хаза аларца довзийта деза, ахь хӀара дира, цундела лазийна, иштта дерг деш ца хуьлу олуш, мел жима делахь а, сих-сиха нис массуза ло олуш дерг цуьнан коьрта чу дуьжу. Иштта кхин цхьа доккха гӀалат ду, бера доьлхачера те до бохуш харц дерг дийцар, цхьаъ вогӀа бохуш, я кхин дерг олуш, оцу хӀумано бера харц дерг дийца Ӏамадо, Иштта кхин а чӀогӀа гӀалат бера кхера Ӏамор, бӀабу доха, жӀаьла доха бохуш, мелхо а, аккха лела воккха хилча а, шен ӀиндагӀах кхоьруш, цундела, цхьана хӀуманах ца кхера Ӏамо деза, хӀуманах кхоьруш гича а, цуьнан кхерам дӀабаккха беза цуьнца болу, и кхоьручу хӀумано хӀумма ца дой гойтуш.
https://t.me/berashna_lerina
Бер жима долуш дуьйна, дас-нанас тидам тlебахийта беза цуьнан дагчохь иман чlагlдарна. 
Берана бархlалгlачу шаре даьлча, хьеха деза нийса ламаз дан, иза Аллахlана хастам беш хилийта. Ламазо жимчохь дуьйна берийн дегнаш цlандо, хаза амалш кхуллу, Далла безаш болу лайш хуьлу царах.
https://t.me/berashna_lerina
​​Шайн берашна lамаде:
«Хlара хьанал ду, хlара хьарам ду... Хlокхо Аллахl резаво, хlокхо Аллахl оьгlазвохуьйту...», - бохуш.

Деккъа эхь ду бохуш ма lамаде, шайна тlехьоьжуш Аллахl вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьама, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош...
https://t.me/berashna_lerina
⁠Цхьана Iеламстага аьлла:

Хьай кIантана бакъдерг Iамаде ахь, ткъа бакъоно цунна массо хIума Iамор ду хьуна.
https://t.me/berashna_lerina
Берана доладеш волчунна тIехь дерг
Хьал чӀогӀа тиша ду вай, сама довлуш дац вай, я бера кхиош а, я кхио хууш а, я кхио лууш а дац вай, тӀаккха цо цхьа гал даьлларг дича холча хӀунда хуьтту ца кхета со, и гал делларг бен цо дийра доцчу некъа тӀехь и бера хьала кхиъ дой, жима ду бохуш дерриге мага деш, тӀаккха шен чуьра чара ша хьала ма кхиъ дарра некъа тӀехь и бера дӀадахча холча хӀунда хуьтту, я цуьнна тӀуьска хӀунда бо, я цуьнна тӀехь девла хӀунда лела?! ТӀуьска - иза цу некъа тӀе йигин болчу цуьнан чуьра массарна бан безаш бу, цуьнна бан безаш бац!
.https://t.me/berashna_lerina
​​Бераш кегийра долуш дуьйна кхетош-кхиош хилча, стоьмийн дитт санна беркате хир ду. Стоьмийн дитт а кхиало синтаран гуо охкуш, хи тухуш, сов маргlал хадош, дакъаделла га дlадоккхуш.
https://t.me/berashna_lerina
«Берана «Фатихьат» сурат Iаморехь хьайла хьалха цхьа а ма валийта. ХIунда аьлча, дерриге дахарехь ша ламаз моссаза до, доьшур долуш ду цо иза».
https://t.me/berashna_lerina
«Берашкахь пхи амал ю»
Баккхийчаьргахь и амалш елхьара, царех авлияаш хир бара.

1)Рицкъанна саготта дац уьш.
2)Шаьш цомгаш хилчи, Деле леткъамаш ца бо цара.
3)Юург цхьана юу цара.
4)Кхераделча, бlаьргах хи долу церан.
5)Шайн дов даьлча, сихха барт бо цара.»
https://t.me/berashna_lerina
Фарукъин Ялсмане чохь кар вийра ву Пайхмар
мар вуллар ву Пайхмар Фарукъс

©3шо долу Фарукъ)) 💓