Ийманехь бераш кхиор
8.14K subscribers
538 photos
138 videos
12 files
578 links
https://t.me/berashna_lerina
__________________________
Download Telegram
Лараме хlусамда а, хlусамнана а!

🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿🌿

Ислам динехь доцца ца хиъча цадолург ду хlара шуьшинна.

Хlусамден хьакъ хlун ду, хlусамненан хьакъ хlун ду lама а дина ца лелийча хlусам ирсе хуьлуш яц. Цундела вай билгалдоккхур ду шинне а декхарш.

Хlусамдас кхочушдан деза хьакъ:❤️

1. Уггар хьалха шен хlусамнанна а, доьзална а юучунна, молучунна, тlедухучунна сагатдеш хилар, оцу юккъадогlу урдона луш дерг.
2. Хlусамненаца хаза вахар, вуьштта аьлча, вела а велла, векха а велла хилар, цуьнгара хуьлучу цатамна сатухуш а, ловш а, собаре а хилар, дагадийтар зуда стенах кхоьллина.
3. Хlусамненан гергарчу нахаца ойхьаза ца вийлар, вуьштта аьлча лараме хилар
4. Хlусамнанна динехь цахуург lамор, диканиг де олуш хилар, вониг lаддита олуш хилар, динехь мегарг магийтар, цуьнан ницкъ ца кхочург де бохуш хьийза ца яр.
5. Хlусамехь гlо оьшучу хенахь накъост хилар.
6. Хlусамненера цхьаъ даьлча доьзална а я кхечарна а хьалха сийсаза ца яр, оьзда доцчу къамелах ларвалар, къаьсттина юьхь ларъяр тохарх.
7. Хlусамненаца йолчу юкъаметтигахь хьарам долчух ларвалар.
8. Шен хlусамехь дерг ара ца даккхар.

Хlусамнанас кхочушдан дезарг:❤️

1. Хlусам чохь цlано латтор, иштта шен хlусамден гlуллакхе хьажар, доьзална lуьналла дар, доьзал кхетош-кхиорехь къахьегар.
2. Хlусамда цlахь воцчу хенахь цунна ямарта ца хилар, вуьштта аьлча, бахам ларбар, шен а, шен хlусамден сий лардар.
3. Хlусамда воьдуш-вогlуш цунна елаелла-екхаелла дуьхьала ялар.
4. Хlусамдеца а, цуьнан гергарчу нахаца а лараме хилар.
5. Цо шега шеца хьанал йолчу юкъаметтигна хьашташ кхочушдан кхайкхича сихха жоп далар, цхьа бахьана шен дацахь.
6. Шен хlусамехь дерг ара ца даккхар.
7. Хlусамдена муьтlахь хилар Аллахlна lеса доцчуьнгахь.
8. Массо а хlума и реза волуш дар, вуьштта аьлча, цуьнан пурбанца бен харжаш ца яр, ара ца йийлар, цуьнан пурбанца бен цхьа а хlусаме ца валор.
https://t.me/berashna_lerina
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Жоьжхате вайн гин елхьари урмехул мохь хьоькхуш уьдуш лелар дара вай дукх Ӏадийна, Жоьжахате вайн гин елхьари Цхьа марзо хаа лур яцара вайн дуьнен тӀера
381-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со юхавала, сан дог тохадала, даима Аллахӏан некъа тӏе суо дӏахӏотта хӏун дан деза те ас? Ма кхоьруш ву со, кху хьолехь со Аллахӏана дуьхьала вахарна.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Бакъ дерг
📌Ахь цун кхоччуш эхь ца кхиадо цун адмах эхь хетар бен Ӏама ца динехь.

📌Декъ адмах хета ца кхиош и эхь, цу маликех АллахӀах эхь хета кхио везаш ву доьзалхо, жимчохь дуьна чу дил дезаш ду цун и эхь бохарга.

📌Ахь и адмах бен эхь хета ца кхиинехь и дерриге эхь нахах хеташ хуьлу цунна, цун ца хета эхь ше белш тӀехь долу цу маликех, йа АллахӀах

📌ТӀаккха хӀу хуьлу цунгахь иман лах ма делла цо цу адмах къайла воли шен луарг до, хӀунда аьлча цунна маликех АллахӀах эхь хета ахь Ӏамина дац, цунна декъ адмах хета Ӏамина эхь...

📌ТӀаккха вайн юкъахь чӀогӀа доккха гӀалат лела вайн а юкъахь, и эхь чу дилла дезачу меттана, долчунгара а , и эхь дӀадаккха гӀерта вай, уггаре хьалха да-нана ТӀаккха арахь верг муьлха а ахь схьа лацахь, хьехар дечу олукх цхьац шен шен меттехь нисло алара, схьа вола схьа эца эхь дац, йа дехь вала ловза эхь дац масне хуьлу уьш.

📌 Даиманна баккхийчаргара ше дега ненер хезаш дерг и хуьлукх цун эхь дац де иза, эхь дац эхь дац боху хьехар хеза царна, ТӀаккха лаахь ца лаахь дӀадолу эхь жим жим цу кепар хьехар царна коьрта чу дуьжу.

https://t.me/berashna_lerina
"Суна сан нанас ца Ӏамийра "


Цхьа хӀума дийца лиънера суна, вай хьуьжарехь кегийра бераш ду Ӏамош, цхьацца беро Ӏамийна яцара шайн цӀахь елларг, цхьамма бохура сан нанас ца Ӏамийра суна, Цуьнан вашас боху хьуна Ӏамо гӀерташ ма лилара и, хьо уьдуш вара цунах.

ТӀаккха ойла йира аса иштта къемат дийнахь бехке дийра дукх беро шена да-нана суна Ӏамийра цо аьлла
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Соьмаца лаций а дакъа лаца
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
"Иблисан уггаре дезарг бусалба доьзал бохар ду, зуда майрачух къастар ду...
Иблисан и лаам кхочаш бар вайна юккъехь чIогIа даьржана а ду!".
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сирота-не тот ,у кого умерли родители.